ЦIен эскархойн декъийн чалхаш карийна Нохчийчохь



«Вахта памяти» акци дIахьочу юкъанна Ноьвран кIоштахь бинчу лехамашкахь 21 салтичун чалхаш хьалаяьхна аьлла, Iорадаьккхина Нохчийчуьрчу оьрсийн тIеман-историкан юкъараллан декъан куьйгалхочо Алаудинов Iабдуллас. Цо бахарехь, Подмосковьера а, Ставрополера а лехамчаша Соьлжа-ГIаларчаьрца юкъахь кху беттан 4 дийнера схьа 6-чу дийне кхаччалц 21 тIемалочун чалх хьалаяьккхина.

Даймехкан Сийлахь тIамехь мостагIчун летчикаша йина аэрофотосъемка бахьанехь аьтто хилла эскарийн позицеш мичахь хилла хаа аьлла, дийцина Алаудиновс.

Архиван документаша тIечIагIдо, Ноьвран, Теркйистан аренашкахь иттанашкахь эзарнаш салтий Iохкуш хила тарло аьлла. Ишта цуьнан информацица, 2013-чу шарера схьа дуьйна 277 салтичун декъий хьаладьахна Нохчийчохь. Царех 276 вежарийн каш чохь дIабоьхкина, цхьаннан дакъа Нижний Новгороде веллачун гергарчаьрга дIакхачийра.

«Къиза тIемаш лаьттина Соьлжа-ГIалин гергахь. Кхузахь ЦIечу армис хIаллакбира немцой, Соьлжа-ГIалин, Бакун мехкадаьттан тIе а ца кхочуьйтуш. Цхьаболчу хаамашца, немцойн эскархойн дакъош Сталинградан фронтера Нохчийчу сехьадаьхна хилла», — аьлла, дийцина Алаудиновс ТАСС агенталле.

Источник
Поделиться:

Похожие публикации

Тут ничего нет

Нет комментариев