Сан латта лилхина, ца доьлхуш атта.
Кхуьссучу х1оанаш эт1а деш ч1оьраш.
Сан латта, хьо хьешна, ца дуьтуш г1атта.
Шен лаамехь хоттада г1ерташ хьо гор а.

Ахь хьекхна ирча мохь, тхан синош гулдеш,
Стигала кхочура, анайист харцош.
Мостаг1чун беза ког хьуна т1ехь боцуш,
Дуьненчохь хила а хиллий-те зама?

Мел дукха вежарийн д1аиг1и синош,
Нанойн а, йижарийн, ца къастош хенаш.
Чурт доцчу лахьти чохь 1уьллу а дог1маш
Даггара къуьйли-те ахь мара церан?

Хьан чоьвнаш — тхан чоьвшнаш, мах хадо воьлчи,
"Дукхох хьа лайна-те?" делчи а хаттар.
И еза ойланаш хьоьвзича коьрте,
Жоп доцуш вуьссу со, сан хьоме латта.