• Aggressive
  • Amazed
  • Amused
  • Angelic
  • Angry
  • Asleep
  • Bashful
  • Bitchy
  • Blah
  • Bored
  • Breezy
  • Brooding
  • Busy
  • Buzzed
  • Chatty
  • Cheeky
  • Cheerful
  • Cloud
  • Cold
  • Confused
  • Cool
  • Crappy
  • Curious
  • Cynical
  • Daring
  • Dead
  • Depressed
  • Devilish
  • Doh
  • Doubtful
  • Drunk
  • Energetic
  • Fiendish
  • Fine
  • Flirty
  • Gloomy
  • Goofy
  • Grumpy
  • Happy
  • Hot
  • Hungover
  • In-Love
  • Innocent
  • Inpain
  • Inspired
  • Lonely
  • Lurking
  • Mellow
  • Mischievious
  • Nerdy
  • None
  • Paranoid
  • Pensive
  • Psychedelic
  • Question
  • Relaxed
  • Roflmao
  • Sad
  • Scared
  • Shocked
  • Sneaky
  • Snick
  • Snobbish
  • Spaced
  • Stressed
  • Sunshine
  • Thinking
  • Tired
  • Worried
  • Yeehaw
  • Показано с 1 по 3 из 3
    1. #1
      Status
      Offline
      Статус: Хьуна хаийла
      АЛЛАХ воцург
      кхин дела
      цахилар, хьайн
      къинна гечдар а
      деха!
       
      Я:
       
      Аватар для MARSHO
      pic
      Регистрация
      16.02.2016
      Сообщений
      111
      Поблагодарил(а)
      29
      Спасибо: 78 (сообщений: 41)
      Thumbs Up/Down
      Получено: 133/0
      Отправлено: 72/4

      Нравится Къонах чуна ж1оп!

      <<Враги Иблиса>> групп чура сха аьцна хьара хаттар!
      Xаттар: Ассаламу lалайкум варахьматулуллохlи ва баракатухl. Со цхьан Таджике йист хуьлуш ю, Ма Ша Аллахl суннатехь дик кlант ву иза, цунан цlернаш бу иштта, къестина да-нана, са цуьнна хуьттарен ца алахь ала хlумма дац. Валлахlи чlогlа дик кlант ву иза, Нохчийн мотт хаъ цун маьлла, Нохчи чохь lашшаъ ву иза, далахь со чуьрчара цунга йохуьтура яц, реза хир бац уьш, тlаккха ас цунга хlун ала, муха ала ас и цунга?

      Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
      -Хьоьгара чlогlа доккха гlалат даьлла цунга йист хиларца, цунца гергарло дола дарца, тlаьхьарчу хена дукха хаза доьлла Нохчийн йоl кхечу къома кlанте йист хуьлуш ю, доттагlал лелош ю, маре яхна бохуш дерг! со кхеташ вац вайн къомах ху хуьлуш ду техь! чlогlа кхетам а, лелар а, гlиллакх а, массо а агlора телхаш догlуш дукх вайн хьал! ма вай дайш, нанош лар дина вай сий мах боцуш дойъуш дукх вай! вай санна йолу тlаьхьа шайн кхуьар юй хиънехь шай доьзалшцана цхьана бердах лилхан белла дlа бевла хир баркх и вай яхь йолуш хилла дай, Нохчийн боху хlума оццула сийсаз долуш кху латта тlехь ца дитар хьама! шийлачу Сибреха дигин шеш вахь кхисчи а ма чlогlа лар динеркх вай нанош Нохчий боху хlума! тахана вайх хилларг хир дуй шайна хиънехь цхьа а доьзал дуьнен тlе ца воккхуш Далла дуьхьал бахан хир бар-кх уьш, иштта сий дайна Нохчий шена тlаьхьа ца кхиитар хьама!

      -Вай дlабахан дайш, нанош дукха чlогlа лар деш схьа деан цхьа хума дар вай къома юккъехь лелаш хlиццалц, lадат, гlиллакх, Нохчалла бохуш, далахь тахана и дерриге хьешан дlа деккхина долуш лаьтта! Нохчийн къома юккъехь цкъа а хилла дац Нохчийн йоl кхечу къоме маре яхар бохуш дерг, цкъа лелла дац иза, мел чlогlа хало шайна тlе lотта елча а Нохчийн йоlа шена тlе дитин хума дац иза хlиццалца, ше чуьрчара ша нуьцкъала дlалуш хилча ша шена тоьхна лийра йолуш йоl дуьхьал ера йолуш чlогlа хилла и хума вай къоман юккъехь хlиццалца, далахь тахана цу гlаскхиш вайна тlехь беш болчу балхо, вай дин агlор, кхетам агlор, Нохчалла агlор иштта массо агlор вай талхош, гал дохуш вайна тlехь беш болчу балха адми кхетам талхина, Нохчийн йоl кхечу къоме яхарам дуьйцар дац, ма яхита бохуш долу дош нахан юкъехь ала а гlехь оза вала везаш хьал ду, хlунда аьлча, ахь ма яхийта Нохчийн йоl кхечу къомах волчунга маре алахь а хьуна тlе ца тухуш цlе ца юту нацист! демократист! тракторист оли! оццула гал баьлла вайн кхетам кху тlаьхьарчу шерашкахь! кхин а гал даьлларг ду Нохчи, Таджик, я кхи верг бохуш къестамаш бар нийса дац, вай цхьаннелла лакхар дац, ша верг цхьа терра ву, бусалби керсти ши къам бен дан дац бохуш иштта цу кепар къамелаш деш верг цхьац аят далош, хьадис далош, динехь дукх хlара, бусалб дино боху-кх иза бохуш къамел дан гlерташ а хуьлу, цхьац берш дин дай бу шеш аьлла, lилма lамина шеш аьлла цхьац шайна цlерш схьа эцна нах а хуьлу! далахь мел чlогlа дицчи а са хьекъал тlе ца кхуьарг ду Нохчийн йоl иштта долчу хlуман ша реза муха хир ю шен чуьрнаш реза хилчи а! цунах ца кхета со!

      -Тlаккха ас хlара иштта дийцарх, и бохург ма дац кхин долу къемнаш вайла лахар ду, я уьш сийсаз нах бу бохург, я уьш вайла эшна бу бохург ма дац иза, делахь вай къома юккъехь lадат хилла лаьтташ дукх нахан юккъехь, ше чуьра йоl кхечу къомах волчунга яхитар эхь долуш, вайн дайш, нанош дукх чlогlа лар деш схьа деан долу иза дохо хlунда гlерта вай оццула чlогlа!? тахан чуьр йоl кхечу къоме яхча цу йоl дена, вешина, цун цlин тlехь мел волчу борш стаган тlе эхь догlуш хlума дац иза!? кхечу къомах волчунга йоl яхча наха цун дена, цун вешина тlе пlелгаш хьежор долуш хума дац иза дlочунна йоl, я йиша Таджике яхна бохуш!? ас дуьйцарг дерг ду, иштта хила дезари, ца дезари бохург кхи хlума ду, хила дезаш дерг дуьйцуш дац вай, долш дерг дуьйцуш ду, мел хила дезаш делахь дацахь, я вайна дезахь ца дезахь тахан вай къома юккъехь лелаш дукх иза, гlел деллехь а долуш дукх иза, кхечу къомах волчунга Нохчий йоl яхча цун де, цун веши сий довкх нахан хьалха! цунна цlийна тlе а эхь догlу-кх! тlаккха иштта хьал вай къома юккъехь хилча, и кхечу къоме яхар мегш хилча а яха хlунда гlерта Нохчийн йоl ца кхета со! яха мегаш делахь а яхар бусалб дино тlе дилан ма даци цунна, кхечу къомах волчунга маре гlолахь аьлла важиб дина тlе дилан ма даци! тlаккха жимма ойла яш хила ца еза йоl!? ше лаам хьалха беккхина кхи хlуман ойла ца яш хила ма ца еза! ше де, ше веши сий лар дан ше са дlа дала а реза йолуш хила езаш ма ю Нохчийн йоl! иза Нохчаллица дуьстич дара, хlинца сан къамелан реза боцурш шортта хир буй хаьа суна, хlара ерриг вахь еша а собар доцуш дуьхьал язош берш хир буй а хаьа, цун дела бусалб динца дустур ду вай иза, динца нийса дуй хьовсар вай.

      -Абу Хlурайрата (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) элир аьлла: "Шайн захло дохьуш веъча, шеш цунна динан а (цунна иманан), цунна гlиллакхашна а реза долш верг, цунца захло делаш...". [Тирмий: 1085]

      Кхечу къомах волчунга ше чуьра йоl маре ца яхитар бохуш вай къоман юккъехь лелаш долу цу lадатан нийса доцуш хlун ду!? гал даьлла хlун ду!? бусалб динца ца догlуш хlун ду!? мелхо оцу лакхар хьадисо бохург деш вукх кхечу къомах волчунга ше чуьра йоl йохуьтур яц ша бохуш верг! хьадисо ма боху "Шайн захло дохьуш веъча, шеш цунна динан а (цунна иманан), цунна гlиллакхашна а реза долш верг, цунца захло делаш...", хьадисо боху: захло дохьуш веънчунна "шеш цунна динан а (цунна иманан), цунна гlиллакхашна а реза долш верг" веънехь захло де боху, кхечу кепар аьлча, захло дохьуш веанчунна имане хьовса, дик иман долуш, динц волуш, суннатца волуш кlант ву я вац хьовса боху, делахь цу тlехь чекх ца даьлла хьадис, мелхо кхи дlа боху хьадисо, нагахь цунна иманан шеш реза делахь, цунна гlилкхашка хьовса боху, иман долуш вар али йоl дlа яхийта ца боху Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам, мелхо шеш реза долуш иман а, гlиллакх а долуш велахь яхийта боху хьадисо "Шайн захло дохьуш веъча, шеш цунна динан а (цунна иманан), цунна гlиллакхашна а реза долш верг, цунца захло делаш...", тlаккха хаттар дукх сан хlинца кхечу къомах волчунга ше чуьра йоl ца яхитар нийса дац, иза динца дац, бусалб динехь мегш дац, бусалб динца харц ву иза бохуш волчунга хаттар ду сан, муьлхха кхечу къомах верг схьа лоцу вай, башхалла яц Суьли, я Таджик, я lарбо бен вац вайн, церах муьлхха къам вай схьа лецча, цу цхьана къома юккъехь дуй тахан вайн юккъехь долу гlиллакхаш, воккханиг чу веъча лелош дерг, арахь нахац лелош дерг, хьошалхахь лелош дерг, ше стунцахошца лелош дерг иштта масне ду уьш, иштта вай долу гlиллакхаш дуй цу къемни аьлла хаттар ду сан? цунна жоп вай долу гlиллакхаш цу къемни дац аьлла ду, и гlиллакхаш церан дац аьлла царна хlума ала гlерташ вац со, делахь долш дерг дукх иза массарна девзуш, цхьа а къовса вала йиш йоцуш долш дерг дукх иза! дик ду, жоп дац аьлла кари вайна, ткъа Пайхамар хlун бохар хьадисехь шайна захло дохьуш цхьаъ веъча цхьа а таллам ца беш шай йоl дlаяхийта и мил велахь бохар? я захло дохьуш веънарг иман долуш кlант ву вац хьовси кхи хlумма ца бохуш дlаяхийта бохар? я захло дохьуш веънарг иман а, гlиллакх долуш кlант вуй хьовси дlаяхийта бохар? я захло дохьуш веънарг шеш реза долуш, шеш реза долуш иман а, гlиллакх а долуш вуй хьажи дlаяхийта бохар? хьовсу вай юха а хьадисе, хlун бохар Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам, "Шайн захло дохьуш веъча, шеш цунна динан а (цунна иманан), цунна гlиллакхашна а реза долш верг, цунца захло делаш...", хьадисо захло дохьуш веънарг иман а, гlиллакх долуш кlант вуй хьовси дlаяхийта а ца боху-кх, и дукх тамшин хlума! захло дохьуш веънарг "шеш реза долуш" иман а, гlиллакх а долуш вуй хьажи дlаяхийта боху! ойла йой аш!? тlаккха юха хаттар ду сан хlинца, мил ву вай реза, я хьан мегш ду ше йоl яхан волу нуц шена хьалха ше йоlан чухал куьг даьккхина лелар, я ше йоlца шена хьалха забарш яш хиин lар, я шен хьалха гол тlе ког беккхина хиин lар, я шена хьалха вижин lиллар, я ша чу веъча шена хьала ца гlоттуш lар, иштта масне ду уьш, и санна долу гlиллакхашна реза вуй хьо хьай йоl яхан волчу хьай невцо хьайца лелича!? суна хетарехь мегш ду шена цу тайпа хlумнаш эр дац жимма шегахь яхь йолчу Нохчичо! тlаккха мегар дацахь, и кхечу къомах верг милла велахь, Суьли, Таджик, lарбо, и мел чlогlа иман долуш, lилма долуш велахь, цу иманах, lилманах тlех lенаш и велахь а, цунгахь вай къома юккъехь лелаш долу гlиллакхаш ца хилча, оцу вай дийцина цера гlиллакхашна ша реза а ца хилла цунга шен йоl ца яхитча, я шен йиш ца яхитча харц вуй иза динехь!? дер вац-кх! хlун дина цо динехь мегш доцург!? мелхо хьадисо бохург ца дина цо!? хьадисо захло дохьуш веънарг шеш реза долуш, шеш реза долуш иман а, гlиллакх а долуш вуй хьажи дlаяхийта ма бохар, тlаккха хlара цунна иманан реза хилла, амма гlиллакхашна реза вац, тlаккха цо ша ца йохуьту боху, хьадисо ма бохху чекх веллакх иза, цхьа а шаг гала ца волуш! мелхо дlаяхийта еза, суннатехь велахь, иман долуш велахь дlаяхийта еза бохуш верг вукх хьадисо бохучунна дуьхьал къамел деш! хьадисом ца боху иза суннатехь вуй хьажи дlаяхийта! я иманехь вуй хьажи дlаяхийта! хьадисо шеш реза долуш иманехь вуй хьажа, шеш реза долуш гlиллакхехь вуй хьажа боху-кх!

      И вай долу гlиллакхаш дац-кх кхечу къемнаш юккъехь, ткъа вай уьш дукх чlогlа ларош ду, я уьш динан дуьхьал догlуш хlумнаш а дац, тlаккха уьш шена хьалха ца лелича жимма яхь йолу стаг мегар волуш хlумнаш дац уьш! яхь йолу стагам ас вуьйцар вац, цхьан Суьличунга яхнер Нохчийн йоl ше цlерчарна ца хоуьтуш, юха и дlа йига цун ше нана тlехь яхан, церца чохь йист хуьлуш йолуш, оцу невцо шена хьалха лелорг, цо шеца ца лела до гlиллакх дукх ла ца делла вахь йоьжнеркх йоl нана! тlаккха оццула чlогlа вай уьш лелош хилча, уьш вешна хьалха ца лелича мегаш ца хилча, я уьш динан дуьхьал ца хилча, цу тlе Пайхамаро саллаллахlу lалайхlи ва саллам захло дохьуш веанчунна гlиллакхан реза дуй хьажа бакъо елла хилча, цунна гlиллакхан реза ца хилла ше йоl ца яхитнарг харц ву, динехь нийса дац иза мич тlе доьгlна бохуш ду!? дер дац цхьана хlумна тlе доьгlна бохуш ше боцу ца кхетамни, шен доцу lилманни тlе доьгlна бохуш дукх! дац бусалб дино бохуш, я lелам наха бохуш, я lилмано бохушам!

      -Тlакхха цхьана lелам нехан къовсам боцуш ду, нагахь йоl цхьан кlанте маре елча, башхалла яц и кlант цу йоl къомах велахь а, далахь муьлхха цхьан бахьнина цу кlанте яхитич наха эхье лорур долуш, нах кхердар болуш, наха цу йоl цlернаш а, и йоl а юцур йолуш хlума хилча, иштта хьолехь цу кlанте шай йоl ца яхийта йиш ю и эхь шайна тlе ца даита аьлла, и кlан мел чlогlа динц, иманца суннатехь кlант велахь а, ткъа вайна массарна дукх дика девзуш ма ду кхечу къома кlанте Нохчийн йоl яхча, и йоl а, цунна цlераниш а наха мел буьйцу, наха и хlума мел эхье лору а, наха мел lиттарш йо а.

      -Кхин а, бусалб динехь lелам нехан къовсам а болуш хlума ма ду захло дохьуш веанчу кlента тайп цу йоl тайпаналла лахар тайп долуш хилча, и йоl ишттачунга яхийта мегар ду я дац аьлла! и къевснаш Нохчий бац шуна, нацисташ бу ала сих ца далита боху ас, баккхи lелам нах бу шуна и къевсина берш, хlара динам вайна хетаршца даци, вайна дезахь ца дезахь долш ду хlара хlумнаш, хlара дерриг хьаша хьешин шен дегlа лаам тlе баккха гlерта ца веза цхьа а, боккхуш велахь а дин цlарца лела ца веза, ас иштта лелор дукх хlара, суна иштта дезакх хlара бохуш лела веза, дино бах, дино магина бохуш дин цlарца ца лелаш! масала Имам Абу́ Хьани́фат, Хьанафий мазхlаб да волуш волу Имам вукх цхьаъ, йоl йоьдуш волу кlант, цу йоl санна тайпа долуш хила веза сийлахь хиларехь, я цунчулла а сийлахь тайпа хила деза аьлларг! ойла елаш, Имам Абу́ Хьани́фат Нохчий хилла вац шуна, Персо хилла ву шуна! амма цо магина шечулла лахар тайпа долчу кlанте яхийта нагахь йоl а, цу йоl цlернаш а реза белахь!
      Амма Имам Ахьмада, Хьанбалий мазхlаб да волуш волу Имам Ахьмада, нагахь йоl тайпаналла лахар тайп долчу кlанте йоl яхитнехь и захло хилла дац, мегар дац, доьхна ду церан захло боху! Имам Ахьмад а вац шуна Нохчийн хилла!

      -Цулла сов lелам наха боху: нагахь стага lехинехь йоl цlернаш ша захло дохьуш веанчу хена, ша иштта хьенех тайпанар ву аьлла, цунна реза хилла захло цара динехь, юха йоl дола яккхина чулла тlехь хиънехь иза цу тайпанар ца хилар, тlаккха хьовсар ду боху, цу кlента бакъ долу тайпа хlокху йоl тайп санна, я цулла а сийлахь тайпа хилахь йоl ютар ю цунгахь боху, нагахь цу кlента бакъ долу тайп кху йоl тайпаналла лахар тайп делахь тlаккха шайна лаахь шай йоl цlа яло бакъо ю церан боху!

      -Кхин а боху lелам наха, нагахь шай тайпаналла лахар тайпа долчу кlанте шай йоl дlа еллехь йоl де вашас, я йоl вашас, амма да реза вацахь цу кlента тайпа шайчулла лахар хиларна, тlаккха цу де бакъо ю боху и йоl ше цlа яло!

      -Цу дерригеналла цец вала хьакъ долуш дерг ду, хlара вай мел дийцина долу lелам нехан къамелаш къестина йоl хьокъехь хилар, стег хьокъехь доцуш! масала стага ше тайпаналла лахар тайп долу йоl ялийнехь мегаш ду цу лакхахь вай хьахинчу дерриге хьолашкахь.

      -Мелхо lелам наха лар де боху йоl маре йохуьтучу хена къестина диъ хlума:
      1- Кlант йоlалла динехь лахар ца хилар, цунах лууш дерг, кlант керст ца хилар а, я иманца йоlалла лахар иман долуш ца хилар ду.
      2- Кlант лай (раб) ца хилар, уьш тахан боцуш бу.
      3- Кlент тайп йоl тайпаналла лахар тайпа ца хилар.
      4- Кlант цу йоlалла лахар говзалла йолуш ца хилар.

      -И кепар хlумнаш ахь тергал деш йоl маре елча и шиъ дlас ца къастарна а, шайн дахарехь вовше кхетарна а, гlиллакхаш а, lадаташ а вовше девзуш лело хаарна а, вовше lиттарш ян хlума ца хиларна а иштта и санна долчу хlумнашна пайде ду боху, тlаккха вовшах ца къесташ бертахь беха уьш боху lелам неха.

      -Тlаккха ойла яйша, наха хlума эр ду аьлла, нахан хьалха эхь тlе догlар ду аьлла, наха lоттор йир ю аьлла цхьан къомах болчу нахан юккъехь а оцу хlумнашан терго ян бакъо хилча, и терго ян бакъо муха ца хуьлу кхечу къомах верг захло дохьуш веъча!?

      -Тlаккха лакхахь вай тайпанш хьокъехь мел хьахинарг иштта хила дезаш ду бохург дац сан, ас и къамелаш дала даран бахьна, вайна дезахь ца дезахь lелам наха иштта цу хьокъехь къамел а дина, бусалб динехь цу хьокъехь оццула lелам нехан къамелш долуш хlума долшехь муха эр ду тlаккха кхечу къомах волчунга Нохчий йоl ма яхийта аьлча стаган нацист вуй, кхи вуй!!?

      -Амма тайп лахар долчунга ца яхитар бохург дац цу кlента тайп лахар дар аьлла иза лахар ву бохург дац иза, цун тайп мел лахар делахь а, цун тайп мел сийсаз тайп делахь, дукх лакхар, дукх сий долу тайпан волчулла дуккха лакхар хила тарло иза Далла гергахь, делахь уьш дуьнен хlумнаш ду, нахан хьалха шена тlе догlуш долу эхь юх тохар, нахан юккъехь шена ала хlума ца дитар ду и хlумнаш лар дар, амма вуьштта аьлча муьлхха стаг шена луучунца гергарло дан, шена ца лаахь ца дан йиш йолуш ма ву, кхечу къомах вергам вуьйцар вац вай, шен къомах волуш, дукха нахан юккъехь сий долуш волчу стаге ше йоl ца яхита а йиш ю цунна нагахь шена цунца гергало ца дезахь, цхьаммо шен йо1, я шен йиша цхьанга ца яхитнер аьлла цунгар бехкаш даха бакъо ма яц цхьанни! цера ма йоl шайна луъче яхита, ца луъче ца яхита!

      -Кхечу къоме шай йоl ца яхитарна кхин бахьнаш юккъе догlуш хила а ма тарло, масала кхечу махка дlаяхан йоl lа ца леъ, генахь хир ю аьлла, и бахьана лецна ца яхита йиш юкх йоl цlер чера кхечу къомах волчунга, мелхо йоlца захло дечу хена кlантан бехкам хоттинехь, йоl эцна кху махкар ара велла дlа гlур вац хьо кхечу махка lа аьлла, кхочуш бан безаш вукх кlант и бехкам бусалб динехь, йоl ялина 10 шо даьллехь а, цу шинна 10 доьзалхо велахь, цул тlаьхьа цо и бехкам кхочуш ца бахь, и йоl эцна цунна кхечу махка lа дlаваха лиъча йоl цlа яло йиш юкх йоl цlерчера бусалб динехь! хlара тайпа хlумнашам дукх ма ду дийца долича дийцина ца валлал, далахь юха тlаккха ала лууш дерг, шена дезаш дерг дlа хlотто гlерташ дин цlарца лела ца веза, шен дегlа лаам хьалха беккхин, шена ца девзуш дерг кху динехь алсам дуй хаьа деза шена девзаш долчулла!

    2. 3 пользователей сказали cпасибо MARSHO за это полезное сообщение:

      abu-hurayrah (09.01.2017),BERD (09.01.2017),nohcho (09.01.2017)

    3. #2
      Status
      Offline
      У этого пользователя нет статуса.
       
      Я:
      ----
       
      Аватар для Abu-Aisha
      pic
      Регистрация
      07.01.2017
      Сообщений
      2
      Поблагодарил(а)
      0
      Спасибо: 0 (сообщений: 0)
      Thumbs Up/Down
      Получено: 1/0
      Отправлено: 4/2

      По умолчанию

      Va aliakum as salam! so ch1og1a reza a vu della cho'pana!
      So vahanera cxan deshnach stagan t1e arbo vu iza cxa hattar ecna.
      Arbo yalo valara so isht-ishta zahlu dera sa, iz eha vedush ciga vahara ho ella.
      co elira so'ga hayn nic1k' ma kxochu ma da hara aha i gergarlo, cunan t1ehene ca hojush ella i h'ekhar dira co suna ishta Hadisash dahkosh a dinac bolu behkamashah a dyuycush.

    4. #3
      Status
      Offline
      У этого пользователя нет статуса.
       
      Я:
      ----
       
      Аватар для abu-hurayrah
      pic
      Регистрация
      14.04.2016
      Сообщений
      248
      Поблагодарил(а)
      744
      Спасибо: 40 (сообщений: 35)
      Thumbs Up/Down
      Получено: 140/3
      Отправлено: 54/0

      По умолчанию

      vse chitat masti net no nachala ne ponravilas puskay vixodit esli xochet vay massara balichi bisa bukx osh glavnoe musulmanin ne nado govorit chto eto xorosho ili ploxo u kajdogo svoya jizn glavnoe chto bi za ramki shariata ne vixodilo

     

     

    Информация о теме

    Пользователи, просматривающие эту тему

    Эту тему просматривают: 1 (пользователей: 0 , гостей: 1)

    Социальные закладки

    Социальные закладки

    Ваши права

    • Вы не можете создавать новые темы
    • Вы не можете отвечать в темах
    • Вы не можете прикреплять вложения
    • Вы не можете редактировать свои сообщения
    •  
    PostMan By Cultural Forum | کیلینیک کلینیک | raports